Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай. Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро. Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. Цу нахана паргІато яла ваІда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода