Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
qac Пqac*айден Хьан дош чиркх санна ду суна, сан тачанехь иза суна серло ю. Сан хьехамна а, тоьшаллина а догІучуьнга бен ла ма догІа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догІу – церан Делан нур дац! Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тІеттІа серлаболу и некъ. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а. «Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а».
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода