Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат. И бохург хІара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахІиттор ду: сан тешаро шу иракарахІиттор ду, ткъа шун тешаро – со. Ткъа хІинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Іийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. ХІара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу а ПахІалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгІуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан а сийлалла схьадар. Делан а, Цо леррина къобалвинчу Іийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дІасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дІасабекъабеллачаьрга.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода