Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Петра
1 2 3
Параллельные места
Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду. Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама. ХІара шолгІа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тІехь шун цІена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.
2. Петра
1 2 3
Выбор основного перевода