Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хІинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хІетахь, цигахь Іаш Іаьнакхан кІентий бу, церан гІаланаш яккхий а, чІагІйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гІо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара». Цул тІаьхьа Везачу Эло ГадІане элира: «ХІинца а тІех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дІабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ – алахь, иза гІур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гІур вац“ – алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». Везачу Эло ГадІане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бІе стагехула шу кІелхьара а даьхна, маданхой шун кара дІалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цІа бахийта». Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоІ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пІелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоІ суна хазахетта». Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пІелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дІалур ду. Дерриг а дуьненна дІахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дІахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кІелхьара, хІунда аьлча тІом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду». Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».
Выбор основного перевода