Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІа, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тІедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхІудан тайпа дара. ЯхІудан тайпа тІе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тІедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. Цу доьзале, цхьацца стаг тІевогІуш, тІедуьйла элира ЮшаІа. Кармин кІант Іахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кІант вара, Завади Зерахьан кІант вара. Уьш ЯхІудан тайпанах бара. Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тІе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. ТІаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тІедуьйла элира цо. Царна юкъара МатІарин гара хаьржира. ТІаьххьара а Къушин кІентан Шаулан цІе яьккхира. Амма Шаул лаха хІиттича, иза кара ца вора. Цхьа хІума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хІуманан тІаьхье Везачу Элехь ю. Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна ша ваха веззачу метте дІаваханчу ЯхІудан метта, Айхьа векал а вина, гІуллакх дан хаьржинарг». Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.
Выбор основного перевода