Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхІу а вара. (Иза вара Ахьтубин кІант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Іелин кІентан Пайнехьасан кІант.) Цигахь долчу халкъана ЯхІуната дІавахнийла ца хаьара. Шаула АхьъяхІуга элира: «Схьадал Делан деза тІорказ». Цу хенахь Делан деза тІорказ исраилхошца дара. Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пІелаштамхой болчохь кхин а чІогІа гІовгІа елира. ТІаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг».
Выбор основного перевода