Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш». Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тІевеана Іаш волчо а цІий даа мегар дац. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цІий дІа а дахийтина, юха цу цІийна тІе латта таса деза, хІунда аьлча муьлххачу дегІан са цуьнан цІийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цІий долу цхьа а дилха ма даа. ЦІий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву. Везачу Эло хьайга аьлларг хІунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тІе, Везачу Элан бІаьргашна хьалха вон деш?» Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а.
Выбор основного перевода