Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара пІелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хІаллакбан. Царах цхьа тоба ШуІал-аренна уллохь йолчу Іапру боьдучу новкъахула дІаяхара, ЙогІучу гІудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догІучу доккхачу эскаран гІовгІа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТІаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тІом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». МаьркІажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дІа а тесна, шайн синош кІелхьар а дохуш, дІабевддера уьш.
Выбор основного перевода