Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоІ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тІемаш дІа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пІелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан». Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цІа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дІахІоттал». Шаулан йоІ Мираба маре яха хан тІекхаьчча, иза махьулхочуьнга Іадриале маре яхийтира. Амма Шаулан вукху йоІана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дІахаийтича, Шаулна и гІуллакх хазделира. Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дІахаийтира. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кІанта Абунара, Шаулан кІант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. Цо иза ГалІадана а, Ашурайна а, ИзраІална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тІехь паччахь вина дІахІоттийра. Цу хенахь Шаулан кІентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тІехь долу паччахьалла шен карахь а долуш. Даудана тІаьхьа ЯхІудан тІаьхье бен ца хІоьттира. Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина. Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал а бара Шаулан кІентий. Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал а Шаулан кІентий бара.
Выбор основного перевода