Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? «Везачу Элан сий Исраил-махкара дІадаьлла», – аьлла, цо шен кІентан цІе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цІе кІантана. Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагІа элира: «Суна Нуб-гІалахь гира Ахьтубин кІант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кІант. Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира». Паччахьо Ахьтубин кІанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гІалара церан цІийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира. Шаула элира: «ЛадогІал соьга, Ахьтубин кІант». Вукхо жоп делира: «ЛадугІуш ву, сан эла». Царна юкъара, Ахьтубин кІентан Ахьи-Маликан кІант волу Абу-ЯтІари бен, цхьа а кІелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дІавахара.
Выбор основного перевода