Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац». Дехха доІа дира Хьаната. Цу хенахь Іела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара. Иза шен дагахь доІа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Іелина иза мелла ю моьттира. ДІадовла уллора, харцонаш лелораш, хІунда аьлча дІахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.
Выбор основного перевода