Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Дуьххьарлерачу кІентан цІе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цІа а дицдайтина соьга». ШолгІачу кІентан цІе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со». КІант воккха хилира. Нанас иза пирІунан йоІе дІавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КІентан цІе Муса тиллира пирІунан йоІа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела. Шен зудчо кІант вича, Мусас цуьнан цІе ГІиршам тиллира (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду), хІунда аьлча ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела.
Выбор основного перевода