Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дІа а, схьа а вогІучу новкъахь Іалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Іамминхой Ахьа сан кара схьалахь, ХІинца берах а хилла, ахьа кІант вича, цуьнан корта дІа ма башийта, хІунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардаккха волалур ву». ТІаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хІунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогІуш ву. Сан корта дІабашахь, соьгара ницкъ дІабер бу. ТІаккха со массо а нах санна хилла дІахІуттур ву». Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бІаьрг бахьана долуш пІелаштамхошна бекхам бан». ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
Выбор основного перевода