Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. ЮшаІа, ГІай-гІала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гІалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГІай-гІалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавІонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Іаш бу аьлла. ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний. Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хІума йиъна а, мелла а девллачул тІаьхьа, Хьанат хьалагІаьттира. Динан да волу Іела Везачу Элан цІийнан неІсагІи тІехь Іаш вара.
Выбор основного перевода