Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дІагІо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Іалашдийр ду». ЯхІунатас Дауде элира: «Марша гІойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чІагІо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тІаьхьенна а, сан тІаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». Дауда цуьнан карара цо еана йолу хІуманаш схьаийцира. Цо элира: «Маьрша хьайн цІа дІагІо. Хьоьга ла а доьгІна, аса хьан юьхь ларйина». Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац. Ахь сагІина мел деанарг дагатосийла Цунна, ахь дийнаташ дагоран сагІа даккхарх там хуьлийла Цунна. Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а, ерриге хьан Іалашонаш а кхочушйойла Цо. Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна».
Выбор основного перевода