Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
ПІелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кІант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чІагІо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа». Дауда, чІагІо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхІунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, суний, Іожаллиний юккъехь цхьа гІулч бен цахилар». УръяхІус Дауде элира: «Делан тІорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхІудан халкъ а четарш кІелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Іийр вара со, сайн цІа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дІа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла». Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара Амма кІентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, хьо воцуш со дІагІург ца хиларх!» ТІаккха ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, цунна тІаьххье дІавахара.
Выбор основного перевода