Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. «Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь – езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, – ткъа оцу шинна а зудчун – езаш йолчун а, езаш йоцучун а, – кІентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кІант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь, тІаккха, кІенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кІантера езачу зудчун кІантана дІадала дуьххьарлера доьзалхо хилар. Ца езачу зудчун кІант цо дуьххьарлера кІант лара веза. Шен мел долчу хІуманан ши дакъа цо цунна дІадала деза, хІунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю». Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Шен доьзалца хІора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагІа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан. Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. ХІора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.
Выбор основного перевода