Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кІант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гІоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Іебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тІе мох бахийтира Дала. ТІаккха хиш лагІделира. Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доІина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. Эпрайман лаьмнаш тІехь Іуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь Іаш хилла Элкхан цІе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цІе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихІун кІант хилла, ЭлихІун да ТІохьа хилла. Ткъа ТІохьа эпратхо волчу Цупин кІант хилла. Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».
Выбор основного перевода