Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Царств
Параллельные места
Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш Іийра. Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гІуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цІе йолу бедарш тІеюхура. Кхиъна вогІуш волу Шамъал Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хІуттура. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, церан цІена хуьлу Іадатан хан тІекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Іийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хІотто. Нагахь и йоІ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тІехь доллушехь, Іелас цуьнга элира: «Марша гІойла хьо. Исраилан Дала хьан доІанна жоп лойла». Ткъа хІинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тІейогІун йолчу ханна чІагІдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа,
Выбор основного перевода