Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а. Іийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш». ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза. Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХІунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац!
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода