Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дІахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода