Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кІелхьарвоккхур волу тарх а ю“. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кІенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна – кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дІадоьрзур дац. Цундела шаьш доІа дечу хенахь хІокху дешнашна тІе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цІе сийлахь хуьлда!
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода