Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта. Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду!
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода