Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сан Дела! Ва сан Дела! Со хІунда вити Ахьа? Ас чІогІа орца даьккхинехь а, сан кІелхьарвалар генахь ду суна. Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац. Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Іарш Исраилан хастамаш тІехь лаьтташ ю. Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура. Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со. Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо: «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа. Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дІавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан. Суна гена ма валахь, хІунда аьлча тІебогІу бала гергахь бу, ткъа гІодийриг вац сан. Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна, суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а. Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох. Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш. Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гІоьнна волахьа суна. Туьрах кІелхьардаккхахьа сан са, жІаьлех а кІелхьардаккхахьа сан дахар. Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! Хьан цІе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса. Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хІу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тІаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила. ХІунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара, цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира. Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах, амма, иза Шега кхайкхича, дІахезира Везачу Элана. Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваІданаш кхочушдийр ду аса. Къечара шаьш буззалц юур ю. Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу. Шу абаденналц а дехийла! Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до. Лаьттахь токхо а йолуш Іаш болчара, Цунна Іибадат а деш, сагІа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гІур ву. Хинйолу тІаьхье Цунна Іамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду. Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду. Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира. Хьо доІа дан волавелча, хьан доІанна жоп делира. Хьо Далла везаш стаг волу дела, иза хьоьга дІакхайкхо деана со. ХІинца оцу дешан духе а кхиа, дуьхьалхІоьттинчу суьртах а кхета. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. ХІинца шун коьртехь болчу тхьамданашка ала лаьа суна. Со а ву тхьамда а, Дала леррина Къобалвинчо баланаш ловш теш а хилла. Гучудаьн долу Цуьнан сий-ларам Цуьнца доькъур ду ас. Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Іибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гІуллакх деш дерг, хьо а, Іийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Іибадат! ХІунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Іийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода