Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. Цундела, Везачу Элан цІарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хІинца чул тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Іелаш. Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хІунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хІуъа а бен ца хеташ а ду.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода