Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
qac Нqac*ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла, стигалшкахь иза чІагІдина лаьтташ ду. Озо боху: «ДІакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХІун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду». Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тІе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дІаала чІоггІа! ДІаала, ма кхера! ЯхІуд-мехкан гІаланашка дІаала: «Хьажал, шун Дела схьавогІуш ву!» ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода