Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цІена хилла дІахІуттур ву со. Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо. Дети кеда чохь цІандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь. Хьажал, хьо цІанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. Дика гІуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргІато а хир ду дика деш волчу хІоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна! Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тІе мосазза хІуьтту. Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла. Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу. Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода