Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хІусамда цІа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХІусамдас, цІа а веана, неІ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дІаелла кийчча хир бу уьш. Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий, Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода