Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Петра
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кІелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тІера Деле даим баркаллаш баха деза оха. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна. Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дІабелла волу Хьалдолу Эла дІа а тесна, стаг хІаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хІаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
1. Петра
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода