Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар, цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар, цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац. ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац. ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду.
Выбор основного перевода