Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву.
Выбор основного перевода