Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. Кхелехь хьуна тІера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дІало. Хьайна цхьана бесни тІе тІара тоьхнехь, важа бесни кІел хІоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тІехулара бедар хьоьгара дІаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дІайоккхуш. Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш.
Выбор основного перевода