Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Іийсас Делан цІийнах лаьцна бохург Шен дегІах лаьцна бохург дара. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Іа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Іа. Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. Шуна ца хаьа ткъа, шух хІорра а Делан цІа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
Выбор основного перевода