Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». ХІун деш Іа хьо? Хьала а гІаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цІанло, Везачу Эле Іийсага кхойкхуш“. Иштта, оха жамІ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу. ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац.
Выбор основного перевода