Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама. Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама. Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар.
Выбор основного перевода