Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел. Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. ХІунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тІехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода