Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна вай делла хилча, вай теша, Цуьнца цхьаьна ваьш дехар долуш хиларх а. Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХІунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дІа а хІиттош.
Выбор основного перевода