Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болу массо а элий, ХІаманна хьалхахь охьа а теІаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тІедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьІара ХІаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. Амма ахь Бавел-махка тІехь гІуллакх дан хІоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Іабди-Нага а цІе йолу яхІудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дІахІоттийначу деших динчу суьртана Іибадат а ца до цара». «Йийсарехь болчу яхІудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чІагІбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доІанаш до, гора а хІуттий» – аьлла, дийцира цара паччахье.
Выбор основного перевода