Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цул тІаьхьа Шамъала элира: «Іамалекхахойн паччахь АгІаг схьавалаве кхуза». Шек а ца волуш, АгІаг цунна тІе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со вāла ма ваьлла?» Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кІантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгІаг, вен а вийна, цунах дакъош дира. Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хІума ца дуьйцура, хІунда аьлча Мардахайс цунна, хІумма а ма дийца аьлла, тІедиллинера. ХІаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кІентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а. Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агІагхо волчу ХІамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш. элира: «Паччахь, хьайн цу тІехь лаам а белахь, хьан бІаьргашна со езаш а елахь, хьан бІаьргашна хьалха хІара нийса а делахь, сан дуьхьа хІара гІуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агІагхо волчу ХІамдатин кІанта ХІамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хІаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош. АгІагхо волчу ХІамдатин кІант ХІаман, массо а жуьгтийн мостагІа, уьш хІаллакбан дагахь араваьлла хилла. Цу Іалашонца цо, жуьгтий хІаллакбен де билгалдоккхуш, «пур» тесна а хилла (иза «кхаж» бохург ду). ТІаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгІаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тІехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тІехь а коьрта хьаькам хІоттийра цо иза.
Выбор основного перевода