Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Изабала Ахьабан цІарах кехаташ яздира. ТІаккха цуьнан мухІарца уьш чІагІ а дина, Набути вехачу гІалахь болчу къаношка а, цІеяхана болчу нахе а дІахаийтира. Амма паччахьан цІарах яз а дина, цуьнан мухІарца чІагІдина долу кехат цхьаннан а дІадаккха бакъо яц. ХІинца аша, шайна бакъахьа хетарг тІе а яздай, паччахьан цІарах кехат кечде, иза паччахьан мухІарца чІагІ а де». Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгІачу Сиван-беттан ткъе кхоалгІа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц долчу бІе ткъе ворхІ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Іаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тІера элпашца а яздина дара. Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цІарах дІаяздайтира, паччахьан мухІарца чІагІ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дІасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла).
Выбор основного перевода