Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехата тІера схьаязбина сацам нахана хьалха дІабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагІашна бекхам бан кийча хилийтархьама. Паччахьан сацам тІехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дІабовзийтира Шушан-гІалин гІопахь а.
Выбор основного перевода