Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гІуллакх деш болчарний лерина той хІоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цІийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кІел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. Ша чагІар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХІун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дІалур ю». Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тІехь кІайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тІехь таьІна-цІен вēтанан тоьллачу кІадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гІалахь дІахІоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара.
Выбор основного перевода