Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДІате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГІайгІане ма хила». Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. ШолгІачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Іелам стаг волу Іезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Іаморхьама. Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара. ШийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагІий, уьш кара а берзош, царна таІзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагІа шайна караверзийра.
Выбор основного перевода