Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ломан боххьера дІахьаьжча а, го суна и халкъ, лекхачу гунаш тІера а хьоьжу со цуьнга. И халкъ дІакъаьстина дехаш ду, кхечу къаьмнашна юкъа а ца догІу иза. Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тІедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дІакховдош дерш санна? Паччахьна дІахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхІудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гІала юхаметтахІотто гІерташ бу. Цара хІинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. Нагахь санна и гІала юхаметта а хІоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду. Иштта, паччахьан цІен тІера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хІара кехат яздо хьоьга. Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дІаяздайтинчу тептарш тІе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гІала хиларан тоьшалла. И хІума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гІалахь гІаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина. Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац. Кхара дуьйцуш долу гІиллакхаш вайна, римхошна, я тІеэца а, я лело а товш дац».
Выбор основного перевода