Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Ахьа мехех Хьайн геланчаш бо, цІеран алунех Хьайн ялхой бо. Ас Іейламана тІе иштта стигалан еа маьІІера биъ мох тІехьажор бу. Иштта массо а меттехула дІасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Іейламхой тІе ца дуссуш. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. ТІаккха цо хІара дешнаш элира: «Дерриге а дуьненан Олахочунна гІуллакх дайтархьама, зайтдаьтта доттарца къобалвина волу шиъ ву уьш». Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо». Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама.
Выбор основного перевода