Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Иза Цунна хьалха, ховха маргІал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тІебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хІума дацара вай Цунна тІеозалуш долу. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг.
Выбор основного перевода