Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу. Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цІаста санна йолу хІума яра. ТІаккха къилбе-махкара паччахь чІагІлур ву, ткъа цуьнан эскаран хьаькамех цхьаъ цул тоьлур ву. Цул тІаьхьа цо олалла а дийр ду, цуьнан олаллин ницкъ алсамо а хир бу.
Выбор основного перевода