Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. ЛадогІа соьга, хІордан йистера долу къаьмнаш, ладогІа, генахь Іаш долу халкъаш! Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тІекхайкхина Со, ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цІе тиллина Цо. Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со. Ас хІинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тІаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хІонс хилла дІахІуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла. И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
Выбор основного перевода