Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу. Юха, сайн бІаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маІа гира. Сайн бІаьргаш хьалахьажийра ас. Суна гинарг хІара дара: ши зуда гучуелира, церан тІемашца мох бара, ткъа церан тІемаш чІерийдохучун тІемаш санна дара. Цара и черма, хьала а айина, стигална а, лаьттана а юккъехула дІадаьхьира. Малико соьга жоп делира: «Уьш стигалара арабуьйлу биъ мох бу, дерриге а дуьненан Олахочунна хьалха дІахІиттинчул тІаьхьа араболуш болу». Со дІахьаьжча, суна кІайн дин гира. Цу тІехь, карахь Іад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТІаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. Іахаро шолгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира шолгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» ТІаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тІе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. Іахаро кхоалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира кхоалгІачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, суна Іаьржа дин гира. Цу тІехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!» ТІаккха Іахаро доьалгІа мухІар дІадаьккхича, суна хезира доьалгІачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» Со дІахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тІехиъна «Іожалла» цІе йолу бере вара, шена тІаьхьахІоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгІа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.
Выбор основного перевода